Covid-19 олучу коронавирусах пехийн цамгар кхеттачийн терахь алсамдаьлла Китайхь. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна цигахь цомгуш хилла ву 76 эзар 228 стаг, царах 2 эзар 345 стаг велла, хаам бина Китайн могушалехула йолчу Пачхьалкхан комитето.
ТIаьхьарчу дийнахь-бусий коронавирусах ун даьлла ву цу махкахь 397 стаг, велла – 109.
Цу хеннахь Европехь коронавирус кхеттачех велла шолгIа стаг. Иза хилла Италехь. Цкъачунна цу вирусна дуьхьал дарба карош дац.