ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский: "Полтаван кIоштахь къепедацарш вовшахтоьхначара жоп лур ду"  


Автобусашна дуьхьалбевлла "спортан духар доьхна вирусологаш"
Автобусашна дуьхьалбевлла "спортан духар доьхна вирусологаш"

Украинин президенто Зеленский Владимира луьра критика йина Полтавана гергахь "коронавирусийн" къепедацарш вовшахтоьхначарна. Китайрчу Уханера кIелхьарбаьхна нах Украинехь тIеэцарна дуьхьалбевлларш "спортан духар доьхна вирусологаш" бара леррина адам дохо арабевлла болу, яздина Шен Facebook-хь мехкан куьйгалхочо. Зеленскийс билгалдаьккхина "иза дан омра делларш а, бехке берш а жоьпе озор" хилар.

Коронавирус яьржачу Уханера (Китай) 50 гергга Украинин махкахо а, 30-хь кхечу пачхьалкхийн вахархо а дIатарван сацам бинера Iедалша Полтаван кIоштарчу "Новые Санжары" медицинан центрехь. Амма бахархой дуьхьал бевллера и нах тIехь болчу автобусашна, уьш чекх ца йовлуьйтуш. Лазийна нах а бу тасадаларшкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG