ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин лерринчу сервисаша шена Iаткъам бо, боху Бельтоевс


27-шо долчу Ханты-Мансийскан автономан гонерчу нохчочо Бельтоев Ислама дIахьедар дина, Украинин кхерамазаллин сервисан белхахошкара Iаткъам ловш ву ша аьлла, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Украинехь тховкIело йоьхучу цу жимачу стага дийцарехь, маситтаза шега телефон тоьхча, иза реза хиллера шеца зIене бовла гIертачерах цхьана стагаца цхьаьнакхета. Шен цIе Артем ю бохучу цу стага ша СБУ (Украинин кхерамазаллин сервисан) белхахо ву аьлла.

Киев гIалин юккехь йолчу СБУ-н хIусаме а кхайкхина, тIехула догIа а тоьхна, цхьацца гIирс латточу чохь чувоьллина латтийна цо Бельтоев.

Эххаре левинчул тIаьхьа шаьш ФСБ-н белхахошка дIалур ву хьо, Европерчу пачхьалкхехь тховкIело еха гIортахь аьлла кхерам тесна Украинин кхерамазаллин сервисан белхахочо.

Интерполе лехаме велла Бельтоев Ислам лецира Украинин дозанхоша Борисполь кеманийн портехь 2018-чу шарахь Дечкен-баттахь. Иза цига кхаьчнера, Истанбулехь кема а хийцина, Бангкокера Киеве вогIуш.

Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцчу тIеман тобан декъашхо хилла аьлла.

2013-чу шарахь дуьйнна шен доьзалца махкал араваьлла Бельтоев ваьхна Туркойчохь а, Мисарахь а. Цигахь Iамийна цо Iаьрбийн мотт а, динан Iилма а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG