Тахана, Чиллан-беттан 23-чохь, 76 шо кхаьчна нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна. И бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а дIохьош бу Европехь а, Iамеркехь а, Азерчу пачхьалкхашкахь а беха вайн махкахой а, церан накъостий а.
Нохчийчохь къам дохийна де дагалацар дихкина ду 2011-чу шарахь дуьйна. Иза дIатеттина Стигалкъекъа-беттан 10-че. Чиллан-беттан 23-чу дийнахь республикехь даздеш ду Оьрсийчоьнан дезаденош, ша аьлча Даймехкан бIаьхочуьнан де.
Делахь а, 23-чохь Нохчийн Республикехь ца дуьсу и балане де тидам боцуш. Къаьсттина маьждигашкахь ламазе гулбеллачара дагалоцу 1944-чу шарахь Iай къам махкахдоккхуш кхелхинарш.
Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар геноцидан акт хилар даре дира Европарламенто 2004-чу шарахь.