ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Къизаллица, адамалла ца хилар гойтуш дIадаьхьна адам махкахдаккхар хилира «неIалт дахначу Сталин Иосифан омрица»


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, депортацин лазам цкъа а дIабера бац Кавказан халкъийн дегнашкара аьлла, хаам бо МК зорбан гIирсо. «Тахана бала боьссина де ду тхан исторехь», - дагадаийтина цо 76 шо хьалха нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал репрессеш йолор.

Къизаллица, адамалла ца хилар гойтуш дIадаьхьна адам махкахдаккхар хилира «неIалт дахначу Сталин Иосифан омрица», - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо социалан машанашкахь.

«Зударий, бераш, къанбелла нах лаьхкира шайн хIусамашкара. Царгара дIабаьккхира берриг а бахам, гIишлош, кхин дерг. Сибрех а, Казахстанан аренашка а дIабигира уьш даьхни дIасакхоьхьучу вагонашкахь», - дагадаийтира Кадыровс 76 шо хьалха Чиллан-баттахь хилларг.

"И нах кхалхара некъан бохала, лара шелонна, мацалла, цамгарех. Ткъа хIора репрессеш лайнарг кхин бехке вацара нохчийн а, гIалгIайн а доьзалехь дуьненчу валарна а бен», - яздина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG