ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанехула барт бийр бу Америко а, Талибано а Чиллан-беттан 29-хь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Машаран барт бале хьалха 7 денна лерина цу махкахь ницкъбар лахдарехула мур дIаболабелла Афганистанехь шотдийнахь. Американ Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка а,Талибано а пIераскан дийнахь дIахьедар дира машаран бертана тIе куьйгаш таIор ду аьлла Чиллан-беттан 29-хь.

Цу берто некъ схьабостур бу Америко дакалоцуш хилла, уггар беха тIом дIаберзо. Цунна тIехь кхайкхам бу Америко шен эскарш цу махкара арадохур ду аьлла, нагахь Талибано цу махках терроран тIелетарш даран плацдарм а ца хилийтахь, ткъа иштта берриг а афганхошца машар баран процесехь дакъалоцур а делахь.

Машаран барт беш церемони хир ю Дохехь (Катар).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG