ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам махкахдоккхуш хIаллакхилларш дагалоцуш митинг хилла Несарахь


Несара, мемориал

Къам махкахдаьккхина 76 шо кхачарна лерина митинг дIаяьхьна гIалгIаша Несарахь. Цу акцех лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

"ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а векалша меттигерчу бахархошца цхьаьна дакъалецира гIалгIай а, нохчий а Казахстане депортаци хьажийна 76 шо кхачарна леринчу Несарарчу дагецамийн а, сийлаллин а Мемориалехь хиллачу митингехь", - аьлла ду ТАСС агенталлан корреспонденто бинчу хаамехь.

"21 эзар гIалгIа Сийлахь боккхачу Даймехкан тIеман аренашкахь тIом беш а волуш, вай халкъ дIахьажийра Казахстане а, Юккъерчу Азе а. Махкана генахь мацалла а, шело а ловш, каторгехь санна къахьоьгуш 13 шо даккхарх ца делира халкъ доьналлах" - элира митингехь вистхиллачу ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас.

XS
SM
MD
LG