ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна де дагалоцуш митингаш дIахьош ю Европерчу гIаланашкахь


Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махкахдаьхна бохаман де дагалолуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш а, сагIанаш дахар а, дагалецамийн суьйренаш а дIохьош бу Европехь беха вайн махкахой а, церан накъостий а, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Иштта, Европан Кхеташонан гIишлонна хьалха митинг хилла Страсбургехь. Цу тайпа къам махкахдоккхуш хIаллакьхилларш дагалоцуш акцеш хилла Берлинехь а, Ниццехь а, Копенгагенехь а кхечу гIаланашкахь а.

Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар геноцидан акт хилар даре дира Европарламенто 2004-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG