ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев Вахин цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу «Заветы Ильича» урамна


Дуьненан ШолгIачу тIеман турпалхочун Алиев Вахин цIе лелор ю шех хIинццалц «Заветы Ильича» («Ильичан косташ») олуш хиллачу Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран урамо. И сацам кхайкхийна шенна леринчу барамехь.

Ураман цIе а хуьйцуш, нохчийн къам Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Сталинан Iедало махкахдаккхар дагалаца баьхкинчаралахь бара Алиев Вахин гергара нах а, иза схьаваьллачу Чечанара бахархой а, мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, хаамбо «Нохчийчоь тахана» ("Чечня сегодня") агенталло.

Хьалхо Кадыровс хьахийра, Соьлжа-ГIалина гонахарчу яртийн а, цуьнан еа кIоштан а (Ленински, Октябрьски, Заводской, Старопромысловски) цIерш хийца еза, царна нохчийн къоман турпалхойн цIерш тахка еза аьлла.

"МаьIна ду шайн майраллица, доьналлица вайн исторехь дика лар йитинчу нохчийн къоман сийлахьчу кIентийн цIерш оцу кIошташна тахка. Халкъана хетарг а теллина, гIалин кхеташонца цхьаьна къасто деза иза», - аьллера Кадыровс бутт гергга хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG