ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Махкахбаьхначийн иллеш". Венехь нохчаша дагалецира депортацехь кхелхинарш


Венехь депортаци дагалоцуш хIоттийначу барамехь даьккхина сурт
Венехь депортаци дагалоцуш хIоттийначу барамехь даьккхина сурт


Материалан автор Мамсуров Аслан, "Кавказ.Реалии"

"Махкахбаьхначийн иллеш" – ишта цIе йолуш дагалецамийн суьйре дIаяьхьира Венехь, Австрехь бехачу нанойн Юкъаралло вовшахтоьхна йолу. Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках даьхначу денна леринчу барамехь дакъалоцуш вара 150 сов стаг. Венехь беха нохчий боцурш а, меттигера бахархой а, кеп-кепарчу пачхьалкхан хьукматийн векалш а цхьана баьхкинера суьйрене.

Маршалла хоттуш, дош аьллачу гIалин гуламан депутато, бакъонашларъярхочо Флорианшутц Петера билгалдаьккхира, шайн пачхьалкх кхиорехь нохчийн диаспорас къахьоьгуш хилар а, шайн ма-хуьллу нохчий интеграци ян гIертар а. Венин мэран Лудвиг Михаилан цIарах баркалла а олуш, маршалла делира цо гулбеллачаьрга.

"Тахана вай кху чохь гулдаларан бахьана сингаттаме делахь а, хIокху барамо дозалла а, дегайовхо а ло. Шайн исторехь дуккха а халонаш лайначу нохчашна, Австрехь тховкIело карийна, дуккхаъ а къаьмнаш шена чохь дехачу пачхьалкхан цхьа дакъа хилар ду дозалла ду", - элира Флорианшутца.

Махкахдахаран беха йилбазмохь

Меттигерчу имама Басханов Iелас депортацехь кхелхинчарна доIа а деш, йолийра суьйре.

Цул тIаьхьа Францехь вехачу историко Вачагаев Майрбека къам махках даккхарх а, депортацин тIаьхьенех а дийцира. Нохчийн маттахь дара цуьнан вистхилар. Ткъа нохчийн маттах кхеташ боцчу нахана немцойн матте гочдинера хIораннан а рапорташ.

Францехь веха нохчийн историк Вачагаев Майрбек
Францехь веха нохчийн историк Вачагаев Майрбек

Депортаци дIахьочу заманчохь хиллачу тишачу хьолах а, Юккъерчу Азе а, Сибрех а нах дIатарбарх а дийцира Вачагаевс.

"1944-чу шеран Заздоккху-беттан 21-чу дийне кхаччалц бахбеллера бохийначу нехан некъ. Хьалхара вагонаш дIакхачийра Зазадоккху-беттан 12-чохь. Тиф олу лазар текхира оцу некъаца дуккхаъчара, шелонах а, мацаллех а баларш хилира. Некъан йистехь цIерпошт сецначу заманчохь дIабухкуш хиллера белларш, вагонна пхи ша бен гена бовла бакъо ца лора нохчашна. Яккхийчу цIерпоштан социйлашкахь ведаршкахь хьакханан жижигах йина йовха чоьрпеш лора нохчашна оьрсийн эскарша, бусулба нах сийсазбеш. Уьш тешна хиллера, мацалла хьоьгучу цара хьакхин жижиг дуур ду аьлла", - дийцира историко.

"Къоман мостагIий санна тIеэцна хиллера керлачу меттигехь нохчий. Цундела цецволийла дац, хьалхарчу шина шерачохь нохчашлахь дуккха а нах баларна.

Советан пачхьалкхан НКВД-н архиверчу зерашца, 1945-чу шеран ГIадужу-беттан юьххьехь, махках ваьккхинчу 650 эзар нохчех а, гIалгIайх а висинарг хиллера 405 900. Ирча хьал лаьттара вайнахехь", - аьлла, тIетуьйхира Вачагаевс.

Венера дагалецамийн суьйре
Венера дагалецамийн суьйре

Историко дийцарехь, Советан пачхьалкхан официалан хьосташа Iорадаьхначу терахьашца къоман кхоалгIа дакъа хIаллакхилла 13 шаре яхъеллачу депортацехь.

Ткъа бозуш боцчу талламчаша дIахьедо, доллу нохчийн къоман ах дакъа цунах дIадаьлла бохуш. И бохург ду, Советан пачхьалкхо нохчашна дуьхьал динчу оцу къизачу зуламехь хIора шолгIа нохчо велла хилар.

Хьайбах – дIа ца йоьрзу чов

Нохчийн гоьваьлла поэт, Берлинехь веха Бисултанов Апти веанера дагалецамийн суьйре. "Хьайбах" цIе йолу, 90-чу шерийн юьххьехь Нохчийчоьнан пачхьалкхан совгIат дина шен поэма дIайийшира цо. Бисултановс поэма йоьшура Курбанова Аминас немцойн матте гоч а еш.

Поэт Бисултанов Апти а, гочдархо Курбанова Амина а
Поэт Бисултанов Апти а, гочдархо Курбанова Амина а

700 сов маьрша бахархой багийначу лаьмнашкарчу Хьайбахех лаьцна йиш лекхира Нидерландашкара еанчу хьешо, йишлакхархочо, композиторо Саитова Луизас. Цо дIааьллачу эшаршкахь депортацин лазам хилла ца Iара, тIаьххьарчу шерашкахь нохчийн бераша лайна тIемаш а цхьана бара.

Композитор, йилакхархо Сатуева Луиза
Композитор, йилакхархо Сатуева Луиза

Тезетан барамаш йоллу Европехь бара

Кху деношкахь йоллу Европерчу мехкашкахь дагалийцира депортацин шераш, цигахь белларш, митингаш а хIиттош, сагIанаш а дохуш.

Масала, нохчийн диаспорийн векалш митинге бевллера Францехь а, Германехь а, Норвегехь а, Польшехь а, ишта кхечу пачхьалкхашкахь а.

Венера суьйре
Венера суьйре

Шоьтадийнахь Францехь дIаяьхьира Европерчу нохчийн ассамблейс вовшахтоьхна конференци. Ткъа кIирандийнахь Парижехь йоккхачу митинге бевллера Европан мехкашкахь беха нохчий а, гIалгIай а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG