ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спорт - политика ю. Стенна оьшу Кадыровна Емельяненкоца латар?


Материал язйинарг "Кавказ.Реалиин" корреспондент Пейсахова Анна

Соьлжа-гIалахь шаьшиъ вовшахтасаваларх дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ММА-н латархочо Емельяненко Александра а. Ша Соьлжа-гIалахь а ву, регионан урхалхочуьнца летар волуш а ву аьлла, хаамбина спортсмено а.

"ХIаъ, лата воллу тхойша, чемпион ма ву со а, иза а. Билггал тIечIагIдан деза оха, мила ву чемпион",- бохуш, Емельяненкона тIетов Кадыров а.

Дуьххьара республикан перфоманс хилла ца Iа хIара. Футболах левзина Кадыров, вилспет хихкина цо, тIехьажийна телекамераш а йолуш, вада а ведда.

Оцу юкъанна билгалдоккхура, урхалхо уьдучу хенахь а, вилспетахь хехкалучу заманчохь а урамашкахь а, паркашкахь а дIасалелачу могIарерчу нахана "гергахь" хуьлура бохуш.

Ша цхьаъ коьрта декъашхо а волуш, стенна оьшу Кадыровна и спортан барамаш?

Европерчу а, Юккъерчу а Азера Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран Human Rights Watch организацин куьйгалхочун гIовса Локшина Татьянас доцца жоп делира оцу хаттарна: "Пиар ю иза" аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонийн Кхеташонан декъахочунна Саратова Хедина хетарехь, Кадыровс масал ло кегийрхошна, спортаца уьйр таса царна марз а деш. "Спорте ийзор ду, кхин хIуммаъ дац", - элира бакъонашларъярхочо.

Соьлжа-гIаларчу бизнесхочо Вахаев Висханан хьажам кхечу агIор бу: "Кегийрхой шегахьа бохуш ву иза. Кхин хIу хир ду? Шен сица бер ду иза. Цунна хазахета кепаш хIиттош а, дозаллаш деш а. Ишта аьлла хета-кх суна. Дешар а, медицина а йоьжна, делахь а спортан лидер ву гойтуш, муьтIахь харжамхой а кхиош. Ткъа совъяьлла энерги спортехь яйа мегар ду".

Бакъонашларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочунна Черкасов Александрна хетарехь, кхузахь спорт политикаца йоьзна ю: "Массарна а хууш ду, мила дукхавеза Нохчийчохь: беза кхиаме, могуш, ницкъболу нах. Бомбана тIехь иккхича эшна вац Басаев, иза дIатеттина, Нохчийчуьрчу доккхачу декъо Кадыров "красавчик" ву, ткъа Шемал – вац аьллачул тIаьхьа. Шен ницкъ а, могушалла а гайтар - иза политика ю".

Керланиг хIуммаъ а дац кхузахь аьлла, тIетуьйхира къамел динчо: "Дуккха а шераш ду Кадыровс и хIуманаш гойту. Хоси-юьртара спортан гIишло цигахь лаьцна нах бахкийна аьлла, гоьяьлла ца Iа, Кадыровс цу чохь тренировкаш еш хила а тарло".

Бакъонашларъярхочо дагалоьцу, Кадыров водуш, я цо вилспет хохкуш цунна хьалха бевлла хадархой гуш цахилар.

"Стенагхь бара хадархой? Цкъа делахь, иза ларвечу нахах берриш а бац вайна гуш. Хаа а хуш, хьекъалца дIахIиттийна бу уьш. Республикерчу доккхачу декъан гIоьнца а, уьш кхерорца а Соьлжа-гIалахь хаъал кхерамза хьал дIахIотто таро хилла Iедалхойн.

Масала, кест-кеста го, Кадыровн гергара нах Соьлжа-гIаларчу кафе чохь хевшина Iаш. Кхи дIоггара царна хIоттийна ха а ца хуьлу".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG