ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Висаитов Мавладан цIе тилла тарло Соьлжа-ГIаларчу цхьана кIоштанна


Висаитов Мовлад шен йоьIаца Медница (архиван сурт)
Висаитов Мовлад шен йоьIаца Медница (архиван сурт)

Старопромыслан кIоштанна Советан Пачхьалкхан Турпалхочун Висаитов Мовладан цIе тилла еза аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Шен Telegram-каналехь цо ишта яздо оцу хьокъехь: «Заветы Ильича» урамна Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIеман турпалхочун Алиев Вахин цIе туьллучу барамехь ас дехна Старопромыслан кIоштанна Висаитов Мовладан цIе тиллар».

Висаитов говаьлла турпалхо ву, Соьлжа-ГIалахь цуьнан цIе кIоштанна тиллар товр ду Нохчийчоьнан а, Оьрийчоьнан а бахархошна, аьлла хета Кадыровна.

«Дошлойн декъан коьртехь хилла иза. Сталинградера тIемашца кхьачна Эльба хи тIе. 1945-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь иза цхьаьнакхетта Советан Iедалца бертахь долчу Малхабелерчу эскаршца. Советан Iедалан эпсарех дуьххьара инарлин Боллинган (Iаьмеркан эскарийн буьйранчин) куьг лаьцнарг ву Висаитов. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трумэн Гаррис «Сийлаллин легион» орден а елла цунна. Висаитовна Турпалхочун цIе ялар кхузза дехна инарлаша, амма иза велча бен ца тиллина цунна и цIе», - яздо Кадыровс Телеграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG