ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

150 стаг велла тIаьххьару 24 сахьтехь коронавирусах


Китайхь яьржинчу коронавирусах кху тIаьххьарчу дийнахь-буса велла 150 стаг. Ткъа и ун даьржичхьана беллачийн терахь ду 2500 а сов. Верриг а уьно лаьцна хилларг ву 77 эзар стаг. Цамгарх товелла 25 эзар гергга, уьш берраш а санна Китайрба бахархой бу. Оцу хьокъехь оршоьтадийнахь хаам баржийна Китайн могашаллин Кхеташоно.

Ткъа верриг а дуьнентIехь короновирусах цомгушхилларг ву 79 эзар стаг. Царех доккхах дакъа китайхой бу, царел тIаьхьа - японхой, корейхой, италхой. 100 сов стагна кхетта ун Италехь, кхоъ царех велла.

ГIалахь хIора шарахь а хуьлу карнавал хIотто дихкина кху муьрехь Венецина. Италин къилбаседанерчу кIошташкахь дIакъевлина школаш, университеташ. Футболан А серин матчаш юхаяьхна пачхьалкхехь.

COVID-19 олу керла ун – я коронавирус – Китайра яржа юьйлира дуьххьара кхо бутт гергга хьалха. Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино бахарехь, вирусна дуьхьал молха кхолла оьшур ду лаххара а 1,5 шо. Амма Оьрсийчуьрчу Китайн векало прессе бинчу хаамца, кхоьллина Iилманчаша оцу вирусна дуьхьал молха, иза цкъачунна зуьйш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG