ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Хьо, сан мерза нана

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:41 0:00
Линкана тIе

Гацаев СаьIид
***

Хьо, сан мерза нана,
Хьо, сан деган шовкъ,
Хьо дIаюллуш кхана,
Маса хир сан шо?

Хьо йолуш ма лийли, –
Бен а доцуш со!
Дуьне чIогIа ловзий,
Ловзий барам сов.

Хан хьан тергалйора
Оцу леларехь?!
Со сайн къона гора
Къаьхьчу хелхарехь.

ХIинца со дIакхечи
И сайн йист ца ган,
Ца ган тIемаш хьечийн,
Ца ган хьаьжкIийн кан.

Буьйса шеллуш йогIур
Цу вайн хIусаме.
Кор-неI хьан тIечIогIур?
Дог хьан хьоьстур те?

…Нана, мерза нана,
Маса ду сан шо?!

XS
SM
MD
LG