ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Юха а...

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:40 0:00
Линкана тIе

Гацаев СаьIид
Юха а…

Юха а гуьйре ю,
Юха а шеллуш ю,
Юха а мархашкахь
ГIаргIулеш йоьлхуш ю.

Юха а хан-зама
Ца соьцуш, йоьдуш ю,
Юха а вайн корехь
Буьйсанаш йоьлуш ю.

Йоьлуш ю мохаца,
ДогIанца тийжаш ю,
Хорам беш легашкахь,
Вайн дагна Iийжаш ю.

Юха а, Iа доьлла,
Сийна дарц ловзур ду,
Iаннашкахь къематде
Хьаннашна хезар ду.

Юха а бIаьстено
Де серладоккхур ду,
Шен хаза зов-иллеш
Мохь тоьхнна декор ду.

XS
SM
MD
LG