ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь вайна Алиев Ниллан схьалахар доьху цуьнан нанас


Cоьлжа-ГIала, архивера сурт
Cоьлжа-ГIала, архивера сурт

Дербентан яхархо Казимова Наргиз цхьалха пикет лаьцна лаьттира оршоьтадийнахь шайн гIалахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Соьлжа-ГIала вахча вайна шен воI схьалахар доьхуш, хаамбо "Черновик" газето.

"Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, Нохчийчохь лохуш ву кхо дербентхо: 30 шо долу Алиев Ниллан, 35 шо долу Мустафаев Сеидайдин, 62 долу Аскеров Хьаьким. Уьш кху беттан 9-чу дийнахь Дербентера цхьана машенахь арабевлла («Лада Калина", ноьмарш – 594). Машен лелош хилла Аскеров. ТIаьххьара и кхо накъост гина «Турист» хостелехь Чиллан-беттан 10-чохь.

Дагестанан полицино лаха кхайкхийна шайн махкара бахархой.

Казимова Наргиза дийцарехь, 10-чохь видео гучуяьлла Instagram-машанехула, «Нохчийчоьнан Дог» маьждигна хьалха Мустафаев Сеидайдин цигаьрка узуш а лаьтташ. Иза маьттаза лоьш хилла Кадыров Рамзанах даьцна. Зудчунна хетарехь, и маьттазалла хила тарло кхо турист доьза варан бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG