ХIокху материалан автор ю "Кавказ.Реалиин" корреспондент Саламова Елена
Хасавюртахь шайн 11-гIа гулам дIабаьхьна Дагестанерчу нохчаша. Цигахь дийцаре деш дара Аухан кIошта шен хьалха хиллачу дозанашкахь юхаметтахIоттор кхочуш дарца доьзна хаттар, яздо "Кавказ.Реалиино".
Нохчашна хетарехь, къаьмнийн барт эгIа мегачу агIор хьал чолхе докхуш ду Дагестанан куьйгалло. Уьш дуьхьал бу шайн латтанашна тIехь логистикан центр йилларна. Цара бехке во Новолакан кIоштан куьйгалхо Айдиев Магомед-Гаджи, цхьаммо еш терго а йоцуш, кIоштара латтанаш совдегаршна дохкарна.
Меттигера нохчий дагахь бу и сацам юхабаккхийта. Цу Iалашонца латтанаш дохкарна а, Аухан кIошт юхаметтахIоттош новкъарло ярна а дуьхьал митинг дIаяхьа дагахь бу уьш.
Гуламехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн диаспоран векало бинчу хаамца, и акци хир ю бIаьста. Аьккхийн жигархой ойла еш бу и митинг, тоьхна хан а йоцуш, дIаяхьарх лаьцна. Цу дуьхьалонан акцина тIехIитта дагахь бу Аухан кIоштарчу ерриг а ярташкара бахархой.
Болчу хаамца, карарчу хенахь Дагестанерчу нохчийн юкъараллан декъашхойн терахь ду 150 эзар стаг.
Дагестанерчу нохчийн дуккха а хаттарш гулделла цу кIоштахь логистикан центр йилла ойла йолчу совдегаран Исаев Ризванан хьокъехь. Цаьргахь болчу хаамца, и стаг Дагестанехь а, Краснодаран махкахь а хIинцале а гIорасиз хилла маситта инвестицин проект кхочушъярехь. Цундела цхьа а тешам бац, аьлла хета царна, хIинца ша долийнарг цу стага кхачам боллуш чекхдоккхур ду бохучух.
Исаевс хьехош йолу проект баккъалла а забаре хIума дац. Иза ю вуно йоккха агроиндустрин парк, шена юкъахь агрологистикан центр а, юьртабахаман сурсаташ арахоьцу завод а, туьпахь сурсатийн махбар а долуш. Цу дерриго а дIалоцур ю 3,5 миллиард сом махболу 130 гектар территори. Керлачу юьхьарлаьцначо аьтто бийр бу 7500 белхан меттиг кхолла.
Исаев ван а ву дуккха а нехан хаттар кхоллало стаг. Иштта, хаьлхо цо юьхьарлаьцна лелош хилла Каспийск гIалан гергахь "Немцойн эвла" цIе йолу юрт кхолларан а, ХIинжа-ГIалахь "Порт-Петровск" гIишлойн комплекс яран а проекташ.
И ши а проект кхочуш ца йина. Новолакан кIоштахь санна "Немцойн эвлана" дуьхьалбевллера меттигера бахархой. Цара чIагIдора, юьцуш йолу белхан меттигаш меттигерчу бахархошна кхуллуш яц, ткъа гIишлош ян дIадала дезар ду даьхни кхион латтанаш бохуш.
Краснодаран махкахь Исаевн проекташ евзачу "Кавказ.Реалиин" хьастано дийцарехь, цигахь юьхьенца цуьнан гIуллакх дика дIадоьдуш хилла, коьртачу декъана совдегаран губернатор хиллачу Ткачевца юкъаметтигаш дика хиларна.
"Соьгахь болчу хаамца, Исаевн дика юкъаметтигаш яра Дагестанан куьйгалхо хиллачу Абдулатиповца а. Цундела шен бизнес шоръян дагахь вара иза республикехь. ХIинца волчу куьйгалхочо бакъо лур юй цунна гIишлош ян? Иза доккха хаттар ду", - бохуш вара иза.