ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен воI вер далхош, паьнказхо Мачаликашвили Киевехь цхьаьнакхетта Саакашвилица


Паьнказахь гуьржийн ницкъхоша шен воI вер таллийта гIерташ, протестан барамаш ийбеш схьавогIу Мачаликашвили Малхаз Киевехь цхьаьнакхетта Гуьржийчохь президент лаьттинчу Саакашвили Михаилца, яздо нохчочуьнгара интервью эцначу "ИнтерпрессНьюс" портало.

Мачаликашвилис ша лерина вац боху политик хила, ткъа Саакашвили Михаилца ша дина къамел шен воI верах а, Гуьржийчоьнан юкъарчу дахарх а лаьцна дара, боху цо.

"Киевехь суна Саакашвили гина ца Iа, дуккха а нах гира. Оха Гуьржийчуьрчу хьолах, цигахь сан доьхначу дахарх дийцира, хьахаелира политика, харжамаш. И стаг суна дуьххьара гуш вара», - дуьйцу Мачаликашвилис.

Паьнказхочо ша Киевера дIавахана, амма Гуьржийчу юхакхачаза ву, аьлла.

"Со нийсо лохуш ву. Массарна го Iедал, «Гуьржийн сатийсам» [политикан парти] соьца къийсалуш. Оцу ницкъо адам хьовха, лам а бохор бу. Машарца бакъдерг тIедаккха гIерта со. Политикан а, я кхечу хIуман а бала бац сан», - аьлла Мачаликашвилис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG