Дукха хан йоццуш ницкъаллин структурашна тIехьожу вице-премьер шех винчу Висмурадов Абузайда а, цо куьйгалла дечу дакъоша а низамехь йоцу криптовалютин ферма Iораяьккхина Соьлжа-ГIалахь. Оцу хьокъехь сюжет гайтина керлачу хаамийн программехь «Грозный» телеканало оьршоьтан сарахь.
1,2 миллион соьмах эцна гIирс хилла долахоша шаьш-шайгара тоькан ситемина тIетесна лелош, билгалдоккху телеканало.
Криптовалютин фермина гергахь бехачу наха динчу аьрзнаша кхачийра ша ток лечкъочу зуламхошна тIе, боху Висмурадовс. Цо дийцарехь, криптовалюта гулдечу компьютерша ерриг а ток дIаузуш хилла, гонахарчу нахана серло а ца кхочуьйтуш.
Iораяьккхинчу криптовалютин ферме хьовса бахана дуккха а хьаькамаш, шайлахь Висмурадов хилла ца Iаш, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, бигина шайца алссам герзахой а.
Электросерло латточу «Чеченэнерго» компанин директорна Докуев Русланбекна ша резавоцийла хаийтина Висмурадовс. Цо чIагIдарехь, компанина «хаьа, хьан юу уггаре дукха ток», иза декхаре ю иштанаш сихха схьакаро.
Висмурадовс дош делла, оцу кепехь зуламаш ден нах «низамо кхачош йолчу луьраллина кIел хIитто».
Криптовалюта дебочу фермин да ца гайтина телевизионо шен сюжетехь.