ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу некъаш тIехь ле уггаре дукха нах


Оьрсийчуьрчу регионашлахь стохка массарел а дукха некъахьовзамаш хилла мохк бу Нохчийчоь. Ишта ду РИА Новости агенталло бинчу талламан жамI.

Аварешкахь лазийначу 1000 стагах 251 стаг велла цигахь юккъарчу барамехь. ШолгIачу меттехь ю некъахьовзамийн дукхаллица ГIалгIайчоь – 160 стаг велла лазийначу эзарнах. КхидIа ю ГIебарта-Балкхаройчоь а, Дагестан а.

Оьрсийчоьнан регионех некъахьовзамашкахь уггаре кIезиг нах лийриг ю Петарбух – авари кIел нисвеллачу 1000 стагах 23 велла цигахь, Москвахь – 40.

Делахь а нах а лазош хиллачу некъахьовзамийн терахь массанхьачул а лахара ду Нохчийчохь. Уггаре дукха нах а лазош авареш хилла мохк бу Тыва, боху агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG