ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа пал тосу зуда лаьцна Нохчийчохь


Шелковск кIоштарчу полисхоша пал тосу зуда а, цунна гIоден «ассистент» а лаьцна, гайтина уьш «Грозный» телеканахула.

Хьалхарчо – Шапианова ТIауса (иштта йовзуьйту иза сюжетехь) – «дуьйцуш хилла хиндерг, тIеозош хилла диканиг», ткъа шолгIачо – Абубакарова Зулайс – лохуш хилла ТIаусна клиенташ, шена «догIу дакъа» дIа а оьцуш.

Лецначаьрца цхьаьнакхетта исламан медицинан центран коьрта лор Эльжуркаев Адам. Зударша юьхьаръэцначу некъо уш «жоьжахатIе буьгуш бу», аьлла Iеламчас.

ТIехьовсийна камераш а йолуш, зударша дош делла кхин пал ца тийса, ткъа гергарчара чIагIойина царна тIехь «само латто».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG