ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малайзин «Боинг» чудожор толлучу новкъахь: «Тешаш болуш бу, амма уьш бовзуьйтийла дац»


2014-чу шарахь Донбассна тIехула доьдучу пассажирийн кеманна ракета тухуш гина тешаш бу шайн, аьлла бохам зуьйчу таламчийн тобан куьйгалхочо Вестербеке Фреда. Цо елла интервью гайтина Америкерчу CBS телеканало.

Вестербекес бахарехь, талламан шеко яц лайнерна «Бук» системин ракета тоьхна хиларх.

2018-чу шеран бIаьста Дуьненаюкъарчу талламчийн тобано билгалдаьккхина «Малайзин авиалинийн» кема чудаийтинарг Курск гIалахь куп тоьхна йолчу Оьрсийчоьнан эскарерчу 53-чу ракетийн бригадин долара «Бук» комплекс хилар.

Ши кIира даьлча Нидерландийн кхелан коллегино листа долош ду МН17 рейсехь хилла «Малайзин авиалинийн» кема чудаийтарх долу дов. Амстердамера Куала-Лумпуре доьдучу кеманчохь хилла массо а пассажираш белира буьйцучу бохамехь – 298 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG