ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан: Нохчий цадебийта гIерта Оьрсийчоь


Кавказан къаьмнийн ассамблеян президента Кутаев Руслана Оьрсийчоьнан Iедал бехкедо нохчашца «коммунисташа лелийна шайтIан политика» лелорна.

Ша шен YouTube-каналехула арахецначу видео чохь цо боху, 2003-чу шарахь дуьйна Къилбаседа Кавказан а, Къилба Кавказан а федералан гонийн кхелаша, боцу бехкаш тIе а хьерчош, набахте хьажийна 30 эзар гергга нохчо.

Жигархочунна гарехь, «кегийрхойн тоьлла дакъа хьийзор, халкъах дIахадор – иза идеологин доктрина ю», ткъа кхоллаелла иза Оьрсийчоьнан президентан администрацехь.

Набахтешкара хьелаш толлуш, Кавказан къаьмнийн ассамблеяна хааделла колонешкарчу хьаькамаша нохчашна гергарнаш ган, тIекхача доьхкуш хилар.

«Мегар дац, олу цара. «Шун зударий шуна тIекхача, шуьца хилийта ца магийна тхуна лакхарчу хьаькамаша, ца лаьа Оьрсийчоьнан Iедална шу дебийта», олу тутмакхашка», - боху Кутаевс.

Юкъаралхочо ялайо статистика. Цо дийцарехь, юккъерчу барамехь 5 бер хуьлу нохчийн доьзалехь. «Оцу тутмакхийн а хила безаш бара доьзалш. 150 эзар дуьнентIе далаза дисина бер – ас бехкбоккху Путине а, цуьнан Iедале а оцу хьокъехь. ФСБ а, кхийолу урхаллаш а тIе а хьожуш, президентан администрацино охьадаийтина омра ду лелаш», - чIагдо Кутаев Руслана.

Ша Кутаевс а текхна набахтехь диъ шо – наркотикаш лелор тIе а хьарчийна, Гихтара, шен цIера, иза дIавигира 2014-чу шеран Iай. Цо вайнах махкахбаьхначу денна лерина Соьлжа-ГIалахь конференци йина ши де даьлча дара иза.

Адаман бакъо ларъечу «Мемориал» юкъаралло политикан тутмакх лерира Кутаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG