ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Невран кIоштан куьйгалхо хийцина Нохчийчохь


Бухадиев Мохьмад, Невран кIоштан куьйгалхо
Бухадиев Мохьмад, Невран кIоштан куьйгалхо

Новр-гIалех а, кIоштах а жоп лур ду хIинца дуьйна дIа керлачу префекто - Бухадиев Мохьмада. Шинарийдийнахь иза вовзийтина бухарчу Iедалхошна мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Муьлхачу даржашкахь хилла Бухадиев хIинццалц, кхеташ дац. Даудовс бахарехь, «Iедалан даржашкахь» Iийна ву иза. Хаа луучунна тIехкочехь яц Бухадиевн биографи.

"Шена тешийна хиллачу массо а Iедалан даржашкахь дика гайтина цо ша. Со тешна ву, цо дика дIакхоьхьур бу кIошто хийцамашкахьа бен некъ», - аьлла новрхошна Бухадиев вовзийта вахначу спикеро.

Бухадиевл хьалха Невран кIоштан куьйгаллехь йийна Кашлюнов Дмитрий деъьаваьккхина Нохчийчоьнан къоман политикан министралле. Умаров Жамболатан (министран) гIовс хIоттийна иза. Новр-ГIалахь I982 шарахь вина а, 2002-чу шарахь полисхочунна даржера шен карьера йолийна ву Кашлюнов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG