ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь 20 де хьалха «вайна» хилла виъ гиххо д1ахецна


Кху беттан 5-чу дийнахь Хьалха-Мартан к1оштарчу Гихтара виъ вахархо вадийна аьлла, орца кхайкхийра церан юьртахоша. Уьш «Мемориал» центро бечу хаамца, д1ахецна Чиллан-беттан 22-чу дийнахь.

Шайн гергарнаш - Вахаев Мовсар, Зайраев 1абдулла, Кулаев Зеламха, Сатаев Ахьмад - лецна буйла хиина нахана, царех цхьамма бакъоларъярхошка дийцарехь, уьш лечкъийна к1ира даьлча. Юкъара къепе талхийна аьлла, Соьлжа-Г1алахь изоляторехь кхаьбна кегийнах, дийцарехь. Муха, стенна уьш лецна хилла хоуьйтуш дац.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздина ма-хиллара, шина машенахь хиллачу бевзашбоцчара, лаьцна, вадийра виъ гиххо. Цхьа машен таксин кепехь ю, дуьйцура тешаша – уьш кхианера Зайраев а, Вахаев а вадош видео яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG