ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогер Абдурахманов Тумсо вен гIоьртина


Тахана, Чиллан-беттан 26-чу дийнан сарахь, Европехь веха оппозиционер-блогер Абдурахманов Тумсо вен гIоьртина. ТIелеттачун, йиттина охьавиллина а волуш, видео а яьккхина, ша яржийна Абдурахмановс.

Карарчу хенахь блогер дарбан хIусамехь ву, хаамбо бакъоларъечу "Вайфонд" организацино.

Абдурахманов Тумсо вехачу петара чуваьлла вевзашвоцург цхьана кепехь, вижина Iен хIусамда, жIов тоьхна, вен гIоьртина иза, амма ца ларавелла. Самаиккхинчу Абдурахмановн кадаьлла дуьхьало ян а, цул тIаьхьа полици кхайкха а.

ЦIийлахь Iуьллу Абдурахмановс яьккхинчу видео чохь иза вен веанарг. Ша Москвара кеманца кхаьчна блогер вехаче, боху цо, дуьйцу ша зуламна араваьккхинарг Соьлжа-ГIалара Iабдурахьман хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG