ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казанехь короновирус карийна кхаа вахархочуьнца


Туристаш лелочу "Даймонд Принсесс" хинкеманца хилла нах Японера дIасабахийтина цхьацца мехкашка а, гIаланашка а. Оцу тIехь хиллачу Оьрсийчоьнан 24 вахархочух 8 стаг хьажийна Казане, 7 – Владивостоке.

Казане кхаьчначу бархIаннах кхо стаг короновирус лаьцна ву, хаамбо "Интерфакс" агенталло, могашаллина тIехьожучу Роспотребнадзор урхаллин куьйгалхочунна Попова Аннина тIе а тевжаш.

"Даймонд Принсесс" Японех чекхдолучу юкъанна ун гучуделира цуьнан пассажирашкахь, кема Иокогама гIалахь сацийра. 50 махкара 4 эзар пассажир вара оцу чохь. МаьI-маьIIерчу экперташа харцо лорура короновирус кхетта иттех стаг бахьанехь могуш болу эзарнаш а дуьненах дIакъастор. Хенан йохалла, вовшашка ун дIаса а луш, цомгуш хилира лайнер чохь болучу нахах дуккха а.

ХIинца мукъабевлла нах оцу лайнеран йийсарера. Цомгушберш дIасахьийсийна шайн-шайн мехкашка, Оьрсийчоьнан а, Украинан а бахархойх цхьаберш баххане а ца бахана шаьш бехачу цIа – кхоьру цамгарх ийзалучу наха даймахкахь шайна гIело ярна.

Оьрсийчоь, кхиболу мехкаш а санна, короновирусах Iалашбан гIерта шайн бахархой. Масала, Iедало Итале, Иране, Корее, Китай цабахар хьоьху кху муьрехь бахархошна – оцу мехкашкахь луьра хьийза ун.

Карарчу хенахь короновирус лаьцна ву дуьнентIехь 80 эзар сов стаг. Белларш бу 2700. Оьрсийчохь короновирус лаьцна хиларх шеко йолуш лоьраша тергоне эцна 8 эзар сов стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG