ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митинган метта мунда


Штыгашев Владимир
Штыгашев Владимир

ХIокху материалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Волкова Алиса


Цхьа бутт баьлла Хакасин парламентан гIантдас Штыгашев Владимира гуш-хезаш гIалмакхой махкахбахар нийса дара аьлла дIахьедар дина. Амма цу стаге бехк цабиллар дехийта гIерташ петицеш язъеш а, митингашка лелаш а болчу юкъараллин жигархоша дахьийтинчу кехаташна цхьа жоп ца делла я Талламан комитето а, я прокуратуро а.

Оцу заманчохь жигархочуьнга Бадмаев Валерийга жоп делларг ю ГIалмакхойчоьнан куьйгалхочун администраци. Официалан кепара йинчу, Бадмаевн дешнашца аьлча, "отпискехь" дуьйцуш ду Iедалхочо аьллачун мах хадор догIуш дац республикан куьйгалхочун а, парламентан а декхаршца аьлла. Цул сов, цу тIехь хьехар а дина юкъараллин жигархочун: латкъам бе Талламан комитете. Амма и Комитет жоп луш яц.

"Интернетехь шаблон ю Бастрыкине латкъам бан луучун кечйина. ХIора стеган аьтто бу цунах пайда эца. Куьг таIийчхьана ваьлла иза. Цкъа дуьххьара цунах жигара пайда эцар оха. Цул сов Бастрыкине кехаташ яздира юкъараллин жигархоша а, Пачхьалкхан Думан депутаташа а. Амма регионерчу Iедало тергал ца дира тхо", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалмакхойчуьрчу журналисто Бюрчиев Бадмаса.

ХIинца коьрта сатийсам бу гIалмакхойн Чиллан-беттан 29-хь дIаяхьа кечйеш йолу митинг. Иза вовшахтухучерах цхьаъ ву "Элистан хьадалча" газетан коьрта редактор Убушиев Вячеслав.

"Чиллан-беттан 29-хь митинг ян бакъо ца елла тхуна, оцу майданахь Масленица даздеш чанах йина мунда ягор йолуш ю аьлла. Тхоьга элира кхечу меттехь ян мегар ду митинг, амма Зазадоккху-беттан 2-хь аьлла. Зазадоккху-беттан 2-гIа оршотан де ду, белхан де ду. Тхуна ца лаьа цу дийнахь тхайн акци дIаяхьа, хIунда аьлча неха йиш хир яц цига бахка, цхьа 200 стаг а бен вогIур вац цига, ткъа тхуна дуккха а адам гулдан лаара", - дуьйцу цо.

Мунда ягор ю аьлла митинг кхечу дийнахь дIахьо бахар - бахьана лехар ду, аьлла хета иза вовшахтухучу нахана. Цара дийцарехь, цара шайн акце дIакхайкхаяле хьалха Масленица хьехош цхьа а вацара. Карарчу хенахь и гIуллакх суьдехула къасто дагахь бу юкъараллин жигархойн юристаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG