ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанерчу кхелехь бехккъасторхоша бакъвина ресторанехь стаг верца доьзна лаьцнарг


Дагестанан Лакхарчу кхело бехказваьккхина лурчах бIаьста ХIинжа-ГIаларчу «Викинг» ресторанехь даьллачу девнехь стаг верах шеко йолуш лаьцна хилла меттигера вахархо. Бехккъасторхойн вердикто бакъвина иза.

"Вердикто стаг бехке вац бохуш хилча, кхел декхаре ю и стаг мукъавита, бакъван. Лаьцнарг сихха дIахоьцуш ду оцу хьолехь», - аьлла кхелан пресс-гIоьнчалло, яздо REGNUM агенталло.

Талламо бахарехь, дов иккхина хилла ресторане баьхкинчараний, цигарчу хехошний юкъахь. Ресторанехь дов даьллачу шен гергарчарна гIодан веана хIинца кхело бакъвинарг. Чуваьлча, цунна гина шен вешина герз хьажош воллу ресторанан хехо. Цо сихха хьалаяьккхинна тапча тоьхна оцу хехочунна. Девнехь герз кхетта лазийна ши хехо, цхьаъ царех велла лоьрашна тIекхачавале.

Бехккъасторхойн вердиктан тIаьхьало йийцарейийр ю кхелехь тIебогIучу беттан 2-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG