ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров волчу ведда?


Идрисов Махи а, Кадыров Рамзан а
Идрисов Махи а, Кадыров Рамзан а

Материалан автор Абдуллаева Зайнаб, "Кавказ.Реалии"

ЦIера дIасавалар а дихкина, латтош хилла Дагестанан футболан "Анжи" клубан экс вице-президент Идрисов Махи веддачул тIаьхьа федералан лехамашка велла аьлла, дийца даьккхира кху кIирнах. Baza телеграм-канало бира и хаам, тIаьхьо Дагестанан чохьарчу гIуллакхийн министралло (МВД) тIе а чIагIдеш.

Карарчу беттан юьххьехь ведда Идрисов. Телеграм-канало дийцарехь, Нохчийчохь шен "вежарий" болчахь лечкъина ву иза. Стохка Гезгмашин-баттахь лецира иза. ХIетахь дуккха а герз карийра цуьнгахь. "Кавказ.Реалиис" ма-яздарра, "Анжин" вице-президент лаьттинчуьнга гIо даьккхира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно.

Масала, Идрисов лаьцначу шолгIачу дийнахь Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсо Алаудинов Аптис Инстаграмехь зорбане даьккхира шен цуьнца а, Кадыровца а цхьана даьккхина сурт. "Вежараллех" а, "цхьана ханна Iиттаеллачу халонех" а пост хIоттийнера цо.

Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша дийцира "Кавказ.Реалиига", Идрисовгахь карийначу герзан цхьа дакъа лело бакъо йолуш хиллера аьлла. Ткъа бакъо йоцуш хиллера ши тапча а, 50 гергга хIоьъмолха а.

Бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал 222-чу артиклехь (бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а латтор, лелор).

Baza хьостан информацица, герз карийна бохург "бахьана" хиллера, ма дарра аьлча, иза лаьцнера хьарамлонаш, курхаллаш лелийна аьлла, шеконаш кхоллаелла. Ткъа "Кавказ.Реалиига" чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь аьлла, шайна хууш хIуммаъ дац Идрисовх лаьцна юьйцучу шеконех.

Лаьцначу дийнахь дуьйнна, когах электронан хIоз а тоьхна, цIахь вуьтуш вара иза, дIасавалар а дихкина. Дагестанан МВД-пресс-секретаро Ибрагимгаджиев Руслана бахарехь, билггал Идрисов волу меттиг цкъачунна хууш бац, иза лоьхуш ву. Нохчийчохь лечкъина ву бохург "хабарш" ду аьлла цо.

"Цуьнан хьокъехь талламаш бар сацийна ду, иза лоьхуш хиларна", -аьлла пресс-секретаро, Идрисов вадарх жоьпалла полисхошна тIехь дац, цIера валар доьхкуш лацарх сацамбар таIзар кхочушдаран федералан хьукматан компетенцехь хилар билгалдоккхуш.

Дагестанерчу ФСИН-ан пресс-гIуллакхоша шаьш комментари йоуьйтур ю аьлла оцу хьокъехь, шайн куьйгаллица дага а девлла.

"Черновик" газетан обзорхочунна Магомедов Магомедна хетарехь, Идрисов Оьрсийчуьра араваьлла хила тарло. "Гуттар цIера дIасавалар а дихкина ша вуьтур воцийла а, гIуллакхан материалаш кхеле кхачор юй хиъна цунна. Бакъо йоцуш ши тапча латторна - деа шаре гергга хан кхачайо. ТаIзар кIеда хир ду аьлла, гарантеш цхьаммо а ца еллачух тера ду цунна, цундела хIара шога республика дIатасар гIоле ду шена аьлла, хетта хир ду цунна. Вехха лечкъина Iойла а дац стаг, цундела суна хетарехь, Оьрсийчохь хир вац иза", - аьлла бу Магомедовн хьажам.

Оццул дукха герз даьккхинчу стагца сил кIедалла лелорна дукха нах цецбевллера боху политолога Эседов Альберта.

"Идрисов лаьцначул тIаьхьа информаци яьржира, луларчу республикан урхалхошца цуьнан доттагIаллин уьйраш ю аьлла. Ткъа хIинца оццу хаамца керла верси гучуяьлла, цу агIор иза ведда бохуш. Суна ца хаьа, билггал ишта дуй иза", - аьлла Эседовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG