Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаийтина шен гонерчу хьаькамашна, уьш, шайгарчу статусе а ца хьоьжжуш, муьлхачу хенахь а даржера дарже хийша кийча хила безийла.
«Командин декъашхо ша ву мел бохург, эшначу хенахь, муьлххачу а минотехь, кийча хила веза керла декхарш шена тIеэца, министр волчуьра кIоштарчу дарже ваха, горизонталехь а, вертикалехь а болх бан», - аьлла Кадыровс Соьлжа-ГIалахь парламентан депутаташна, Iедалхойша, низамлардечу урхаллийн буьйранчашна, Iеламчашна юкъахь дIаяьхьначу кхеташонехь.
2020-чу шеран коьрта Iалашонех ду махка алссам туристаш кхайкхар, билгалдаьккхина куьйгалхочо.