ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIехьийзачу кIантана тIаьхьа яхана". Шемара йоI цIаялош гIо доьху дас



Материал язйинарг ву гIиргIазойн Азаттык сервисан автор Калматов Руслан

Шемара шен 25 шо долу йоI цIа ялош гIо дехна Сузакскан кIоштарчу вахархочо Iедалхошка. Орца доьхуш иза цхьаъ хилла ца Iа гIиргIазошлахь. Ткъа ГIиргIазойчоь – Юккъерчу Азерчу мехкашлахь цхьаъ ю тIемаш лаьттачу меттигашкара шайн нах цIаберзон йолаяланза.

Деа беран да ву Чырмашев Зияйдин. Шен 19 шо долчу заманчохь Iехаелла дIаяхна Шема цуьнан йоI Мамурхан. Гечдахьара аш шен йоIана аьлла, дехар дира дас махкахошка.

"2014-чу шарахь болхбан аьлла, Оьрсийчу дIавахара со. Цу хенахь Джалал-Абадан медицинан колледжехь шолгIачу курсехь доьшуш яра Мамурхан. Зазадоккху-баттахь доьшийлера телефон а тоьхна, йоI колледже лелаш яц аьлла, хаамбира соьга. Сузаке цIа телефон туьйхира ас, цигахь иза яйна, карош ца хиллера. Сайна бевзачу ницкъаллийн структурашкарчу нахехула хиира суна, Заздоккху-беттан 20-чохь "Ош-Стамбул" рейсаца иза махкара араяьллийла. Социалан машанашкахула цхьа хан яьлча бен аьтто ца белира сан цуьнца зIене вала. Шемарчу Раккехь Iаш ю ша элира цо. Ишта цо дийцира, Аваз цIе йолчу жимчу стага Туркойчу а кхайкхира ша, некъана ахча а цо делира аьлла", -дийцина Чырмашевс, Шема лестарх дийца вовшахтохначу гуламехь.

Ялх шо а ду да шен йоI цIаерзо гIерта, амма цкъачунна аьтто ца хуьлу цуьнан. ТIаьххьара бутт хьалха гIо дехна Мамурхана дега. "Дечкен-беттан 26-чохь къамел хилира тхан, - кхи дIа дуьйцу Чырмашев Зияйдина. – Шен шина йоIаца Шемара араяьлла ша, карарчу хенахь Туркойчоьнна уллорчу мухIажирийн куьпахь ю ша бохура цо. Берашна яа-мала эца ахча оьшу шена элира цо. Цо яийтинчу чоьта тIе жимма ахча даьккхира ас. ГIиргIазойчу юхаян лууш ю сан йоI, амма оцу куьпара араяла бакъо яц цуьнан. Уьш цIаберзош гIо дахьара аьлла, дехар дан луур дара суна Iедалхошка".

Динан экстремизмех лаьцна дийца Сузакан кIоштахь хIоттийначу гуламехь бистхилира кхин а Шема дIабахначийн дай а, наной а. Верриг а вовшахтоьхначу барамехь дакъалаьцнарг ву 300 меттигера вахархо а, меттигерчу Iедалхойн цIарах хьаькамаш а, Iеламнах а.

Джалал-Абадан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан зерашца, кху шеран Дечкен-баттахь регионехь исс зулам Iорадаьккхина, экстремизмца доьзна. Цхьа гIуллакх дIакъевлина, дисинчийн хьокъехь талламаш дIахьош бу.

Верриг а кIоштара Шема дIавахана лоруш ву 116 вахархо, царех 100 гергга Сузакера ву. Стохка цхьа стаг юхавеара. Кхелехь толлуш ду цуьнан гIуллакх. Ткъа Шемара ГIиргIазойчу верриг а юхавеана 12 стаг.

Сузакан кIоштан куьйгалхочо Омошев Эрмека гулбеллачаьрга кхайкхамбина, нагахь санна, экстремимзе хIуманаш лелош шайна тусалахь, меттигерчу полисхошка а, Iедалхошка хаамбе аьлла.

"Халкъана юкъахь ма ду шу. Экстремизмех, терроризмех къамелаш деш шайна хаалахь, уггар а хьалха тхоьга а, полисхошка а дIахаийта декхаре ду шу. Вайн бераш а, вайн доьзалш а маьрша хилийтархьама оьшуш ду и. Маьждигашкахь пIераскан рузбанехь а гулбеллачийн дегнаш дикаллех дуза дезаш ду аш. Кху чохь дийцинарг ара ма девлли диц а ца деш, шайн гергарчарех а, бевза-безачарех а дIатоха", - аьлла, вистхилла гулбеллачаьрга хьаькам.

Хьалхо ГIиргIазойчоьнан Iедалхоша дIахьедира, шайн бахархой цIаберзо Iалашонца дуьненаюкъарчу организацешца а, Шеман Iедалшца а дийцарш ду шаьш дIахьош аьлла.

Официалан зерашца, Шемарчу а, Иракъерчу а террорхойн тобанех ГIиргIазойчуьра дIакхетта 800 гергга вахархо. Царех дукхахберш бахна, радикалхойн идеологех тешна, цхьаберш ахча даккха Iалашонца. ДIабахначарех 150 зуда ю. Цхьаболчара шайца дIадигина шайн бераш, вукхара цигахь дуьненчу даьхна. Шема а, Иракъе а дIабахначарех 200 ца кхоччуш велла цигахь,

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG