ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: ЭрдогIанца цхьанакхета дагахь вац Путин


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Заздоккху-беттан 5-чохь Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца цхьанакхета лерина вац Оьрсийчоьнан президент аьлла, еаридийнахь дIахьедина цуьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Туркойн а, оьрсийн а эскарша саццаза тIемаш бечу Шеман къилбаседа-малхбузерчу ситуацех дийца дагахь вара ши лидер.

"Заздоккху-беттан 5-чохь Путинан белхан кхи планаш ю", - аьллачу Песковн дешнаш далийна ТАСС агенталло. Кремлан векалан дIахьедар бIостане ду, Стамбулехь карабогIучу беттан 5-чу дийнахь Путинца цхьанакхетар ду шен, лаахь Германин а, Франицн а лидерш Меркель Ангела а, Макрон Эммануэль а шайх схьакхета мегар ду аьлла, ЭрдогIана де хьалха аьллачуьнца.

Масех кIира а ду Шемарчу Идлиб провинцехь, Оьрсийчоьно гIо а деш, Шеман президентан Асад Башаран эскарша Туркойчоь тIехIоьттинчу оппозицина дуьхьал тIемаш бен.

Оьрсийн авиацино Туркойчоьнан агIончийн позицешна бомбанаш етта. ТIаьххьарчу масех дийнахь Асадан эскарша дIалаьцна 30 гергга юрт а, Идлибан къилбера йоккха территори а.

Шеман оппозицин аьтто баьлла, туркойн артиллерис гIо а деш, шайна схьаерзо Серакиб гIала, ишта ницкъ тоьъна Димаьшкъа- Алеппо аьлла автомагистарль юха а хадо а.

Путина а, ЭрдогIана а карарчу баттахь телефонехула масийттазза йийцарейира Идлибера ситуаци. Туркойн а, оьрсийн а векалшна юкъахь дийцарш а хилира. Цкъачунна барт хилла бац - Шемахь тIемаш лах ца белла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG