ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таиландехь лазийна гIалгIайн спортхо Евлоев. Латарна юкъара ваьккхина иза


Оьрсийчоьнан ийначу кепехь латархо Евлоев Мовсар лазийна Таиландехь хиллачу некъан бохамехь. Оцу бахьанашца дIатеттина UFC-н чемпионатан гурашкахь Эммерс Джамалца цуьнан тасавалар. Заздоккху-беттан 7-чохь Лас-Вегасехь лата везаш вара и шиъ.

Инстаграмерчу "Команды Евлоева" аккаунтехь хаамбарехь, Таиландехь вара спортхо кечамаш беш. Iуьйранна мопедца Iаморашка воьдучу заманчохь, машен тIетоьхна цунна.

Кагйина меженаш яц, делахь а дикка лазийна иза, дегIатIера чкъоьрнаш а дохуш. Лоьраша чевнаш зийначул тIаьхьа латаршна юкъарвалар хьехна Евлоевна, хIунда аьлча, дикка хан еза уьш ерза.

ЧIогIа лазийна цахилар бакъдина ТАСС агенталле латархочун менеджеро Абдрахманов Саята а. "Кегйина меженаш яц. Кховраш даьхна меттигаш бу дуккхахь, лата хан тIекхачале дIайоьрзур ю уьш а", - аьлла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG