ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо а, цунна тIелеттарг а волу меттиг къайлаяьхьина полицино


Нохчийн оппозиционер-блогер Абдурахманов Тумсо а, иза вен гIоьртина стаг а дIакхачийна дарбан хIусам а, и шиъ волу меттиг а къайлаяьккхина зулам дар шайн махкахь нисделлачу полицино. Оцу хьокъехь хаамбина Абдурахмановн вашас Мохьмада.

«Со кхета, шуна алссам хаа лаьа, амма, новкъа делахь а, яц Тумсоца зIе. Полицино къайлаяьхьина иза волу меттиг, ца магадо цунна нахаца зIене вийла», - яздина жимахволчу Абдурахмановс шен Instagram-агIонехь пIераскан Iуьйранна.

Цо бахарехь, вон дац цуьнан вешера хьал, жIов тоьхна цунна коьртах, делахь а тIех сов зен ца хилла могашаллина.

Блогерна тIелеттарг халчу хьолехь ву, амма вац лечу кхаьчна, боху Абдурахманов Мохьмада.

Европехь веха оппозиционер Абдурахманов Тумсо жIаьвнаца вен гIоьртира къайлах цуьнан хIусаме кхаьчна жима стаг. Иза эшон а, полици кхайкха а аьтто баьлла Абдурахмановн. Шен цIе Руслан ю, ша кеманца Москвара веана, ткъа ваийтинарг «Соьлж-ГIалара Iабдурахьман» ву, бохура цо яьржийначу видео чохь.

Хиламца доьзна бакъоларъечу «Мемориал» центро дагадоуьйту Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыровн Рамзанна товш боцчу нахана дечу зуламашлахь Абдурахманов Тумсона дина тIелатар дуьххьара доцийла. Киллерш Нохчийчуьра дIахьежош буйла гучудийлина дуккхаъчу кхелашкахь, билгалдоккху «Мемориало».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG