ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ НАТО-хь векал: Оьрсийчоьнан хотIах хIинца кхетар ю Туркойчоь


Американ НАТО-хь векал Хатчисон Бейли Кейт
Американ НАТО-хь векал Хатчисон Бейли Кейт


Американ НАТО-хь йолчу векало Хатчисон Бейли Кейта еарин дийнахь ша сатесна хилар хаийтина Оьрсийчоьнан хIун хатI ду а, Анкаран баккъалла а тешаме накъост мила ву а бохучух Туркойчоьнан Iедалш гергарчу хенахь кхетар хиларе. Цунах лаьцна яздо "Американ аз" зорбан гирсо.

Хатчисона дIахьедар дина иза, иттаннаш туркойн эскархой а бойуш, Оьрсийчоьно гIортор ечу Шеман Iедалан армино тохарш дарх лаьцна журналисто деллачу хаттарна жоп луш.

Хатчисона билгалдаьккхина шена цу инцидентах лаьцна хууш ца хилар, амма, нагахь "иза хиллехь, со сатесна ю президентана Эрдоганна… гур хиларе, мила ву… тешаме накъост, ткъа мила вац". Туркойчоьно оьрсийн С-400 ракетийн системаш эцаро талхийра Анкаран а, Вашингтонан а юкъаметтигаш, тIетуьйхира дипломато.

"Ерриг а аьтто болчу кепашца тхайн бертахо кхето гIиртира тхо, тхаьш альянсана юкъахь диса лууш хиларх, церан пачхьалкхан юккъехь дIахIоттайойла ца хиларх Оьрсийчоьнан ракетийн система", -дIахьедар дира Хатчисона.

Цо ша сатесна ю элира "президентана Эрдоганна гур ду аьлла, Цхьаьнатоьхна Штаташ церан хилла а, тIейогIучу хенахь хир йолу а бертахо хилар а, ткъа иштта С-400 дIаяккха езаш хилар а. Царна гур ду Оьрсийчоь муха пачхьалкх ю. ХIинца царна гуш ду цара (Оьрсийчоьнан Iедалша) деш дерг.

Шемахь туркойн эскархошна тIелатар дарна хIоьттинчу хьолехь НАТО-н Уставан 5-чу артикалх пайда эца мега бохуш яра иза. Хууш ма хиллара, цу артикалца а догIуш, НАТО-н цхьана декъашхочун тIелатар дича иза юхатоха декхарехь ю цу альянсана юкъахь йолу ерриг а пачхьалкхаш.

"Дера, иза хир дац олийла ма дац. Иза керла хилам бу. Иза онда хилам бу. Тхо аьльянс йолуш ду Туркойчоьнца. Тхуна луург ду Туркойчоь кхетар, тхо шен бертахо хиларх… Ткъа нагахь оьрсий туркойн салташна тIелеттехь – хьелаш ца хаьа суна…, хIинцца хиина суна цунах лаьцна, цундела кхин сов хIума алалур дац соьга, амма иза забаре хIума дац", - элира Хатчисона.

НАТО-он официалан векало Лунгерску Оанас леррина дIахьедар арахецна Шемахь хилларг бахьана долуш. Цу дIахьедарехь аьлла ду НАТО-н инарлин секретаро Столтенберг Йенса хIоьттина хьал дийцаре дина хиларх лаьцна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Чавушоглу Мевлютца

"Столтенберга емал дина Оьрсийчоьно гIортор ечу Шеман режимо Идлиб провинцехь башхалла а йоцуш бомбанаш еттар, кхайкхам бина тIелатар сацаде а де, дуьненаюкъара низамаш лар а де аьлла", - дуьйцуш ду дIахьедарехь.

Шеман пачхьалкхаца доза долчу Хатай провинцин губернаторо Доган Рахмис хьалхо хаам бинера Идлибехь тIеман кеманаша бомбанаш а йиттина лаххара а 29 туркойн эскархо вийна хиларх лаьцна. Доганна тIе а тевжаш, Би-би-си-н Оьрсийн сервисо хаам бира, авиатохар дина "Шеман режиман" тIеман хIаваан ницкъаша аьлла. Амма иза иштта хилар кхечу хьастанаша тIечIагIдина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG