"ГIалгIайн къоман цхьааллин комитетан" декъашхочун Саутиева Зарифин хьокъехь долийна бехкзуламан гIуллакх теллина дели аьлла, хааме даьккхина пIераскандийнахь бакъонашларъяран "Мемориал" центро. Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаьккхина стохка Заздоккху-баттахь дIаяьхьначу митингехь, ишта экстремистийн юкъараллан декъашхо лаьттина а ю аьлла, таIзаре хIоттийна Саутиева.
Зудчо дIахьедо, шен дов хаьттина даьлла аьлла, бина сацам низамашкахь бац, хIунда аьлча, шен адвокатан Дзугаев Биланан масех дехар кхочуш ца дина, оццу гIуллакхна бехкебечийн талламаш хIинца а берзанза а хиларна аьлла.
Саутиеван а, экстремистийн тоба кхоьллина, я цу юкъахь декъашхой хилла аьлла, кхеле хIиттийначу кхин а ворхI протестийн лидерийн гIуллакхаш а къастийначу форматехь дIахьош дара, Дзугаевс бахарехь.
Мангал-беттан 25-чу дийне кхаччалц дIатеттина уьш таллар. Iедало билгалъяьккхинчу процессуалан хенел а тIехбовларна, бехк къасточара зуламан кодексан 162-гIа артикл ца ларйина лору Дзугаевс.
Маршо Радино яздира, стохка Заздоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг хIотторах, Нохчийчоьнан а, ГIалг Iайчоьнан а юкъарчу дозанех барт хиллачул тIаьхьа. Гулбеллачара дарж охьадиллар тIедожийра Евкуров Юнус-Бекна. ШолгIачу дийне яьккхинчу митинган декъашхойн тасадаларш хилира полисхошца.