ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре яха дагахь Нохчийчу яханера бохург бакъ ца дина 15 шо долчу йоIа


ДIадахначу кхааридийнахь полисхоша яйна аьлла, кхайкхийна Краснодаран кIоштара 15 шо долу Серая Виктория Оьрсийчоьнан цхьахйолчу регионехь схьа а карийна, шен дех-ненах дIатоьхна аьлла, хаамбина кIоштан Талламан комитето. Урхалло цIе ца яьккхина субъектан, амма хьалхо яйначу йоьIан йишас "Краснодарские известия" хьостане дийцинера, Нохчийчохь хааелла иза аьлла. Цо бахарехь, "маре йига дагахь, лачкъийна" хиллера иза.

Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша тахана, пIераскандийнахь дIахьедарехь, карарчу беттан 24-чохь суьйранна цIера дIаяханера йоI. "Кхиазхочо-йоIа дийцарехь, шен лаамехь яхана хиллера иза субъекте, цхьммо а зен-зуламе цунна дина хIума а дац", - аьлла, тIетоьхна ницкъаллийн структураша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG