ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азербайжанехь хаавелла коронавирус хьакхаелла Оьрсийчоьнан вахархо


Азербайджанан Iедалхоша бакъдина шайн пачхьалкхехь коронавирусан ун хаадаларх. Оьрсийчоьнан вахархо ву цомгуш хилларг, ГIажарийчуьра Азербайджане веана волу. Хьалхо Гуьржийчохь хаавелира коронавирус хьакхаелларг. ГIажарийчуьра Азербайджане а веана, цигара гуьржийн пачхьалкхе кхаьчна хиллера иза а. Тахана Гуьржийчоьно бинчу керлачу хаамца, кхин а цхьаъ тусавелла цигахь ун кхетта, ткъа цунах Италехь хьакахделла хилла и лазар

ПIераскандийнахь яьржинчу информацица, коронавирус хааелла ишта Белорусехь а, Литвахь а. ГIажаройн вахархо ву Белорусехь верг, инфекцин лазартне охьавиллина иза Минскехь. Ишта хьалхо Украинас а дийцира, Италехь могуш йоцуш хилла йоI ю шайн аьлла, хаам кхечира Оьрсийчохь а коронавирус гучуяларх

ГIажарийчоьнан зударийн гIуллакхашкахула йолу вице-президент Эбтекар Масуме а, къоман кхерамзаллан гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхо Зулнури Мохтаб а цомгуш хилар тIечIагIдина меттигерчу Iедалхоша.

Ишта коронавирусан ун хилар къаьстира хьалхо меджлисан депутатца Мадеки Махьмудца а, могушаллин министран гIовсца Харирчи Ираджца а. Коронавирусан гIуллакхашна тIехь Iуналла латтош коьрта спикер вара Харирчи.

Заздоккху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчоьно доьхкуш ду ГIажарийчоьнан бахархошна шайн пачхьалкхе бахка. Ишта сацош ду царна визанаш ялар а.

Доллу дуьненахь коронавирус хьакхаелла 83 эзар стагах. 2, 8 эзар сов кхелхина цу вирусах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG