ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассерчу сепаратисташца доза къаьстачохь лаьтта Ушарма-Шайхан батальон


Нохчийн тIемалойн-лаамхойн Ушарма-Шайхан цIарх йолу батальон лаьтта Донбассерчу сепаратисташца доза къастийначу зонехь. Оцу хьокъехь хаам бина Украинан журналисташка батальонан буьйранчас ЧIебарлойн Муслима.

"Тхо тIеман дозанца Iа, тхайн базехь, кийча ду муьлххачу а хийцамашна, тергойо хьолан», - боху батальонан баьччас.

ТIемалой-лаамхойн Iалашо ю Украинан эскаршца цхьаьна Украинан-Оьрсийчоьнан доза дуьненаюкъарчу низамаша къастош долчу меттехь олалле эца, билгалдаьккхина ЧIебарлойн Муслима.

Хьалхо баьржинчу хаамца а догIуш, герз охьадиллира Ушарма Шайхан батальоно, ткъа цуьнан бIаьхоша, стохка пачхьалкхехь тIеэцначу низамна тIе а тевжаш, Украинан паспорташ шайна далар дийхира. Президента Зеленский Владимира оцу хьокъехь арахецначу омрица тIеэцначу низаман ницкъ кхачало тахана, 2020-чу шеран Чиллан-беттан 29-чу дийнахь.

2018-чу шеран гурахь Украино Оьрсийчоьне дIавелира оцу батальонан бIаьхьо Тумгоев Тимур. Росторчу тIеман кхело 18 шо хан тоьхна цунна набахтехь луьрачу хьолехь такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG