ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдогIан: Шемарчу тIамах къаьхкина нах эзарнашкахь хьаьлхина Туркойчоьнан а, ЕвроБертан а дозанашка


Лаххара а 18 эзар стага хадийна Туркойчоьнан а, ЕвроБертан а дозанаш, Идлиберчу тIамо къахкийна, шайн махкара уьдуш бу шемахой, дIахьедина Туркойчоьнан президента ЭрдогIан Реджепа.

Яхначу буса желтойн полицино бIаьргех хидоккху газ йиттина туркойн дозанна гергахь гулбеллачу мухIажирийн могIаршна тIе, яздо Reuters агенталло. Желтойчу кхача гIерташ, полисхошна тIе тIулгаш деттара наха, хаамбо тешаша.

Хонкара кийча ю Туркойчоьнан къилберчу декъа тIехь ши миллион мухIажирна кхерамзаллин зона кхолла, аьлла ЭрдогIана. Амма и мухIажирш шаьш Германе дIабохуьйтур бу, нагахь санна оцу пачхьалкхо, бинчу бертаца а догIуш, мухIажирш Туркойчохь кхаба ахча ца лахь, боху президента.

«ЕвроБерто кхочушдан деза ша аьлларг. Оццул дукха мухIажирш кхаба тхо декхаре дац. Шу доггах лелаш делахь, аш тхоьца дакъалаца деза», - дIахьедина туркойн президента.

ТIаьххьарчу деношкахь Идлибехь марсабевллаШемарчу оппозициний, президентан Асад Башаран эскаршний юкъахь лаьтта тIом. Эзарнаш бахархой хьаьвдда Туркойчу. И нах шега совцалур бац, уьш Европе дIахьалхахь, боху туркойн Iедало. И къамелаш даьржинчул тIаьхьа шайн пачхьалкхан доза чIагIдан воллу ша аьлла Венгрин премьер-министра Орбан Виктора.

Идлибехь вовшашна дуьхьаллаьтта Туркойчоьнан а, Асадан а эскарш. Туркойн дакъошна тIе кху кIиранах герзаш диттина, Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша вийна 30 сов турко. ХIоьттинчу хьоло тIом Орсийчоьнний, Туркойчоьнний юкъа берзорна кхоьру тергамхой. ЭрдогIаний, Оьрсийчоьнан президента Путиний бартбина гIоьртина лаьтта хьал дижон. Туркойчоьно дехна Кремле ша Асадан режимца юкъаметтигаш къестон цхьаъ йитар. «Ас аьлла Путин Владимире, шайна нагахь санна Шемахь тIеман база йилла лаахь, йилла, Амма дIадовла тхан новкъара», - хаамбина кху мурехь ЭрдогIана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG