ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн кегийрхойх лаьцна филм гайтина Венехь


Венин Iедало гIо а деш, шайн дахарх лаьцна филм яьккхина цигахь бехачу нохчийн кегийрхоша. Австрин шахьарарчу интеграцин департаментехь гайтина иза дуьххьара – цуьнан цIе ю «Нохчийн кегийрхоша – шайх лаьцна».

Филм гатйинчул тIаьхьа, иза йийцаре а еш, хьовсархойн хеттаршна жоьпаш делира нохчаша. Австрехь нохчашна дуьхьал нислучу дискриминацех а, иза эшорах а лаьцна дара къамел,

"Юьхь дуьххьал нислуш бац къестамаш, иза къайлах лелаш хуьлу. Масала, хьо нохчо вуй ма-хиъина, университетехь я белхан меттехь олу хьоьга: «Тера вац хьо нохчех»! Иштаниг нисвелча, ас дукха хьолехь хотту, мел бевза хьуна нохчий, гудолу сол хьалха цхьа а нохчо гина а цахилар», - дийцира Венерчу презентаце веъначу студента Халида.

Гайтинчу филман могIарара документалан филмаш кхин яха дагахь ю Австрин интеграцин департамент, цуьнан векалша дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG