ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бозуш боцчу хаамийн гIирсийн синдикат кхоллаелла Оьрсийчохь


Оьрсийчуьрчу бозушбоцчу хаамийн гIирсаша "Синдикат-100" юкъаралла кхоьллина шайлахь. Цуьнан Iалашо пачхьалкхера хиламаш бовзуьйтуш юкъахь болх бан. Ишта бу "Новая газетин" («Керла газета») хаам.

Синдикатан декъаяхана «Дождь» телеканал, «Кавказский узел», «Медуза» портал, «Эхо Москвы», «Новая газета», "Черновик", "Юга.ру", кхиболу а хаамийн гIирсаш. Синдикатан декъаяха бакъо ю Iедалх йочу кхечу информацин хьостийн.

Бозуш боцу хаамийн гIирсаш цхьаьнакхетаро аьтто бала тарло Iедало бюджетера ахча а латтош, маьршачу информацина духьаллатточу гIирсашца къийсадала, боху «Новая газетин» коьртачу редактора Муратов Дмитрийс. Синдикатна юкаъбогIучу хаамийн гIирсаша бертахь зорбане баха беза Iедало лечкъош, я нахана тIекхача некъ боьхкуш болу бакъ хаамаш, аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG