ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Сий лардеш» йиша ейтина видео бахьанехь полисхо балхара вохийна ГIалгIайчохь


Евлоева Елизавета (децIера – Могушкова) ер зуьйш ю Талламан комитетан ГIалгIайчоьнан урхалла. Оцу зудчух лаьцна видео яьржича йийна иза цуьнан вашас. Ткъа интернетехула ша видео яржийна волу полисхо даржах ваьккхина, хаамбо "Интерфакс-Юг" агенталло.

Талламан урхалло бахарехь, полисхо лаьттинарг «лаьцна латто бакъо ехна кхеле».

Байначу беттан 7-чу дийнахь 37 шо долчу Могушков Мохьмадбешира йийра шен йиша Евлоева Елизавета. Цул тIаьхьа полице а вахана, цо хаийтира ша «шайн доьзална тIера эхь дIадаьккхинийла».

Зуламна бух белларг дара «хьашт доцург лелош болчу» зударийн суьрташ а дохий, уьш оцу зударшна духкуш хьийзина 33 шо долу Альтемиров Iиса лоцуш полицино яьккхина видео интернетехула яржар. Полисхочо яржийна хилла и видео. Ткъа и видео шена гича, цу чохь хьехош йолу шен йиша йийна вашас, чIагIдо талламо.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG