ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Ахматан» футболе ницкъаша хьийсадо шаьш боху Соьлжа-ГIалин бахархоша


Шоьтадийнахь рогIера футболан матч хилла Соьлжа-ГIалахь: «Ахмат» - «Ростов». Цуьнга хьовса ницкъаша бахийтина бюджетера ахча оьцу нах а, студенташ а, хаамбо "Кавказский узел" газето, меттигерчу бахархойн тоьшаллаш а далош.

«Хьаькамо омра динера 18.30 стадионехь хила. Цуьнан кевнехь тхо дагардан хIоьттина вара тхан министраллера векал, гул а дина, цо дIахьовсийра тхо гIенташ дIалеца. Бухахь хьал тергалдеш яра ОМОН а, СОБР а (чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера дакъош – ред). Шийла яра, стадионехь ах гергга меттигаш бен бацара дIалецна», - дуьйцу хьостане Соьлжа-ГIаларчу Сулиман цIе йолчу бюджетхочо.

Асламбек цIе йолчу цхьана доьшийлин студента бахарехь, деканато «проблемаш хир ю цавеанчун», аьлла хилла дешархошка.

Асламбека дийцарехь, вац иза футболан фанат. Цуьнан аьтто баьлла, сов шел ца луш, стадионера ведда, цIаваха.

"Кавказ.Реалиино" дуккхаза а дийцина «Ахмат» стадионе футболе хьовса я кхечу баккхийчу барамашка студенташ, бюджетхой лаамза лоьхкуш хиларх лаьцна. Масала, лаамза бигира бахархой дайначу шеран Iай «Халкъан Цхьааллин Денна» леринчу гуламе, ткъа байначу баттахь – мехаза урамаш цIандечу «субботнике».

Нохчийчуьрчу хьаькамаша а, "Грозный" телеканало а бакъ ца до бюджетхой а, студенташ а ницкъаша барамашка хьийсабо бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG