Нохчашна Iай массо а кхачанал дукха безачу хьонкин де дIадаьхьина Соьлжа-ГIалахь шоьтадийнахь – «Хьонка-Фест».
Лараман совгIат делла «Пису» цIе йолчу цицигна.
Хьалхо Нохчийчоьнан туризман министра Байтазиев Муслима дехна хиллера бахархошка, кхехкийна хьонка – жахар - буу цициг гойтуш махкахула яьржина лелачу видеон «турпалхо» схьалахар. Ткъа турпалхо хилла «Пису» це йолуш, цуьнан долахо – Бетирова Зарета. Иштта кхаьчна «Хьонка-Фесте». Пису а, цуьнан долахо а. «Даарна тIерахиларна а, кхача харжа дика хаарна а, товш хиларна а» цIе йолу совгIат делла Писуна.
«Оха, пхьор деш, хьонка кечбинера. Ткъа Пису гIента а даьлла, иза беха хIоьттира. Кхо хIун до хьажа ас бели, хIара-м баа тIедирзи цу сахьта», - дийцира Заретас.
Нохчийчохь жахаре марзделла цициг цхьа Пису хилла ца Iа – «Хьонка-Фестан» номинанташлахь ду «Барсик» а, «Киару» а, кхин массех беаколара хьонкин гурман а.