ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирашна шайн дайша лелийначу кепехь магадо фамилеш лелон


Къилбаседа ХIирийчохь дай-наношна мега шайн къомо хьалха лелош хиллачу кепехь берашна фамилеш язъян, тIехьа «-ты» я «-ти» а хIоттош (масала, Хугаев – Хугаты).

Оцу хьокъехь ду мехкан парламенто тIеэцна «ХIирийн къоман ламастийн ларамбеш, фамили яларх долу гIуллакх» цIе йолу низам, хаамбо «Кавказ.Реалиин» меттигерчу корреспонденто.

Низаман проектан автора Бокоев Эльбруса дийцарехь, «низам дуьззина догIу Оьрсийчуьрчу бакъонашца».

Низамо магадо фамилин редакци бахархойн лаам боллучу кепехь къастон, ткъа фамилин массо а кеп ю цхьабосса ницкъ болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG