ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегера ТВ: Блогерна Абдурахмановна тIелатар Швецехь дина


Норвегерчу TV2 телеканало нохчийн оппозиционерна-блогерна тIелатар дина меттиг Швецера Евле (Gävle) гIала ю ,аьлла, хаам бина шен репортажехь.

Телеканало бахарехь, Швецин полицино стаг вен гIортарна бехкевина Абдурахмановна тIелеттарг.

Оцу информацех лаьцна цкъачунна комментари ца елла Абдурахманов Тумсон гергарчара.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь вевзаш воцу стаг тIелетира Европехь вехачу блогерна Абдурахмановна. Ша вен веанарг йиттина охьавиллина гойтуш, видео яьккхира ша Абдурахмановс. ЦIийлахь Iуьллучо бохура видео чохь, ша Москвара ву, Соьлжа-ГIаларчу Iабдурахьман цIе йолчу цхьана стага ваийтина ша Абдурахманов «кхерон».

ТIелатар динчул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийна Абдурахманов. Кхерамзалла латторхьама ехха кхебира къайленехь иза волу меттиг. Дукха хьолехь прессо бина хаамаш бара Абдурахманов Полшехь ву аьлла.

Абдурахманов Тумсо нохчийн оппозиционер-блогер ву, шена Нохчийчуьрчу Iедалхоша боцу бехк тIехьерчо болийча дIавахана иза даймахкара.

XS
SM
MD
LG