ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазийн жигархочунна Кочесоко Мартинна бехк тIебаьхьина юха а


Кочесоко Мартин
Кочесоко Мартин

"Хабзэ" юкъараллин куьйгалхочунна Кочесоко Мартинна шозлагIа а бехк тIебаьхьина талламчаша. Оцу хьокъехь «Кавказ.Реалиига» хаийтина цуьнан адвоката Хутов Тимура.

"ХIинца цунна бехкединарг къаьсташ дац юхьанца кхайкхийначух, иза лоцуш тоьшалле хIиттийна нах кхетам талла дарбан цIийне хьовсийна – гучудаьллера уьш психикан неврологин диспансеро тергалбен нах хилар», - боху адвокат Хутовс.

"Кавказ.Реалиино" хьалха яздина ма-хиллара, тешех цхьаъ наркотикаш лелорна набахтехь хан текхна ву, ткъа иза лоцуш тоьшаллехь лаьттина ву шолгIаниг.

Стохка аьхка ГIебарта-Балкхаройчохь лецира Кочесоко Мартин, ткъа бутт баьлча мукъаваьккхира оцу республикин Лакхарчу кхело. Ницкъхоша чIагIдора цуьнан машена чохь шайна наркотик карийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG