Магасехь хиллачу гуламца доьзна лаьцна волчу Чемурзиев Бараха шолгIа арз дахьийтина Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле.
«Правовая инициатива» («Бакъонан инициатива») проектан векалша дийцира «Кавказ.Ркалиига» цунах лаьцна: Европан кхеле ша хьажийначу шолгIачу орзехь Чемурзиевс билгалдаккхина, ГIалгIайчуьра гулам маьрша Iалашонаш йолуш а бара, иза йоьдучу муьрехь гуламхоша низам а ца талхийна, аьлла.
Оьрсийчоьно шена тIехь ечу кхелехь агIонашна къовса магош йолу принцип талхайо, аьлла ду Чемурзиевн арз.
Нальчик гIалин кхелан сацамца Чемурзиев Барах лецира 2019-чу шеран Охан-беттан 3-чу дийнахь. Кхиволу массех гIалгIайн жигархо а санна, иза бекево Iедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна.
«Кавказ.Реалиино» довзийтина ма-хиллара, стохка Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь Магасехь гулам хIоьттира, цуьнан декъашхоша Iедал бехкедира, доза къастош шайн мехкан латта Нохчийчоьнна дIахадийна аьлла. Цул сов, гуламхоша мехкан куьйгалхочун дарж дита декхаревора хIетахь мехкан коьртехь лаьтта Евкуров Юнус-Бек. ШолгIачу дийнахь акци дIасалахка баьхкира ницкъхой, вовшахлетира гуламхой а, полици а.